Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд

Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль Саӏуд
Ӏаьр. سلمان بن عبد العزيز آل سعود‎‎
Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль Саӏуд
Дин суннизм
Тайпа Аль СаӀуд
Да Ӏабдул-Ӏазиз ибн Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд[3]
Нана Хьассат бинт Ахьмад аль-Судайри[d][3]
Зуда Fahdah bint Falah bin Sultan[d], Султана бинт Турки Аль Сауд[d]
Бераш Мухьаммад бин Салман Аль СаӀуд[3], Фахд ибн Салман ибн Абдул-Азиз Аль Сауд[d], Султан ибн Салман ибн Абдель Азиз аль Сауд[d], Турки бин Салман Аль СаӀуд[d], Халид ибн Салман Аль Сауд[d], Rakan bin Salman bin Abdulaziz Al Saud[d], Saud Bin Salman bin Abdulaziz al Saud[d], Nayef Bin Salman Al Saud[d], Bandar bin Salman bin Abdulaziz Al Saud[d], Абдул-Азиз ибн Салман Аль Сауд[d][3], Фейсал ибн Салман ибн Абдул-Азиз Аль Сауд[d][3], Ахмед ибн Салман ибн Абдул-Азиз Аль Сауд[d][3], Хасса бинт Салман Аль Сауд[d]
Дешар
  • Школа принцев[d] (1953)
ГӀуллакхалла пачхьалкхан гӀуллакххо[d]
Динлелор суннизм
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
кавалер Большого креста ордена Гражданских заслуг орден Гражданских заслуг Высший орден Хризантемы с цепью Высший орден Хризантемы орден князя Ярослава Мудрого I степени орден Золотого орла орден «Звезда Республики Индонезии» орден Турецкой Республики орден Нила цепь ордена Ацтекского орла Grand Cross of the National Order of Merit (Guinea) Национальный орден Нигера Национальный орден Льва кавалер Большого креста Национального ордена Льва орден Хусейна ибн Али орден Мубарака Великого орден Кувейта орден Короны Королевства орден короля Абдель-Азиза Королевский семейный орден Короны Брунея орден Республики

Международная премия короля Фейсала за служение исламу[d] (2017)

орден Заида

почётный доктор Пекинского университета[d] (2017)

почётный доктор МГИМО[d]

орден Доброй Надежды Орден Иерусалима Большая цепь ордена Государства Палестина орден Заслуг орден Ацтекского орла

Орден Аль-Саид[d]

Эскаран тайпа Вооружённые силы Саудовской Аравии[d]
ЦӀе Верховный главнокомандующий всеми вооруженными силами Саудовской Аравии[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
ХотӀан адрес
Паччахь Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
АгӀонан цӀе Шина маьждиган гӀуллакххо
Официальни кехаташ Ши маьждиг лардеш волу паччахь
Альтернативни хатӀ Шина маьждиган гӀуллакххо-эла

Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз ибн Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд (Ӏаьр. سلمان بن عبد العزيز بن عبد الرحمن آل سعود‎‎ ; вина 1935 шеран 31 декабрехь, Рияд, СаӀудийн Ӏаьрбийчоь[4]) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан ворхӀалгӀа паччахь а, Саӏудийн династин куьйгалхо а, Шина Хьараман гӀуллакххо а ву. 2015 шеран 23 январехь паччахь хӀоьттина шен ваша ӀабдуллахӀ паччахь дӀакхелхиначул тӀаьхьа.

Салман — иза СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхарчу паччахьан Ӏабдул-Ӏазизан кӀант ву, ФахӀд паччахьан[5][6] уггар тешаме хьехамча вара иза, СултӀан принцан уггар уллера ваша а вара иза[7]. Паччахь хилле иза оборонан министр а (20112015), Риядан провинцин губернатор а вара (19632011).

Биографи

Салман жималлехь

Жима волуш

Ӏабдул-Ӏазизан воӀ Салман вина 1935-чу шеран 31 декабрехь, Риядехь, СаӀудийчохь, Ӏабдул-Ӏазизан 25-гӀа кӀант хилла иза, цуьнан нана йара Хьассат ас-Судайри[8][9]. Дуьххьарлера образовани йаьккхина цо Принцийн школехь, Риядехь[10]. Дин а, вайн заманан Ӏилма а Ӏамийна Салмана[11].

Салман принцан 18-шо кхаьчча, цуьнан дас Ӏабдул-Ӏазиза, 1953-чу шеран мартехь иза шен векал а, Риядан эмир (мэр) а хаьржина[11][12]. ТӀаьхьо, цуьнан вашас СаӀуд паччахьа, министран чинехь, иза Риядан мэр (куьйгалхо) хаьржина[11][12]. Салман отставке вахна 1960-чу шеран декабрехь[10].

Риядан губернатор

1963-чу шеран февралехь, Риядан провинцин губернатор хилла Салман[10]. Оцу хенахь 48-шо хилла цунна, 2011-чу шаре кхаччалц губернаторан болх бина цо[11].

Оборонан министр

Салман принц АЦШ-н министр оборонца Леон Панеттаца, Пентагонехь 2012-чу шеран апрелехь

2011-чу шеран ноябрехь, Салман принц оборонан министр хаьржина, шен вешина СултӀанан метта[13], ткъа Риядан хаьржина губернатор СаттӀам принц вара. Иштта Советан къоман кхерамзаллин дӀахӀоттаман чувахана Салман[14]. 2012-чу шеран апрелехь иза хьажа вахана Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Йоккха Британи а йолчу, цигахь АЦШ-н президентца Барак Обамаца цхьаьнакхетта[15][16].

Паччахь а, Шина Маьждиган гӀуллакххо а

СаӀудийчоьнан верасан принц а волуш, 2015-чу шеран 23 январехь, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь а, Шина Маьждиган гӀуллакххо а хилла Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз, шен цхьана цӀийнах волу ваша ӀабдуллахӀ паччахь кхелхина чул тӀаьхьа. Иштта Салманан ваша Мукърин хаьржинера верасан принц а, премьер-министран когаметтаниг а. Цул тӀаьхьа верасан принц хаьржира Салманан вешин кӀант Мухьаммад бин Найиф[17].

Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Российн президент Владимир Путинца, 2015 шеран 16 ноябрь

Шен дахар

Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз кхузза зуда йалийна ву[18]. Цуьнан хьалхара зуда хилла СултӀанат бинт Турки ас-Судайри[19], 71-шо долуш кхелхина иза 2011-чу шарахь[20]. Иза Салманан ненавешин йоӀ йара, Турки бин Ахьмад ас-Судайрин[20], Асир провинцин хинволчу губернаторех цхьаъ хилла Турки бин Ахьмад[21].

Цуьнан шолгӀа зуда Сарат бинт Файсал йу, цо вина кӀант СаӀуд принц ву. КхоалгӀа зуда йу ФахӀдат бинт Фалахь, цуьнан берш ду: Мухьаммад принц, Турки принц, Халид принц, Найиф принц, Бандар принц а, Ракан принц а[22]. Салманан воккхах волу кӀант ФахӀд велла хилла дог лазадаьлла 2001-чу шарахь[23]. Цуьнан кхин кӀант Ахьмад иштта дог галдаьлла велла 2002-чу шарахь[24]. Цуьнан кӀант СултӀан ву дуьххьара космосе вахана бусалба стаг а, дуьххьара вахана Ӏаьрбо а[25]. Цуьнан кӀант Ӏабдул-Ӏазиз 1995-чу шарахь, нефтан министран когаметтаниг хилла[26].

2013-чу шеран февралехь цуьнан кӀант Турки Saudi Research and Marketing Group олучу компанин председатель хилла, цуьнан воккхах волчу вешица Файсалца хийцина иза[27].

2010-чу шеран августехь АЦШ-хь Салманан букъсуьртан операци йина[28]. Цо инсульт лайна, цуьнан аьрру куьг аьтту куьйгал чӀогӀа вон лозуш дара[29][30]. Цхьаболчара дуьйцу, цунна Альцгеймеран лазарх зен хилла бохуш[31].

Къуръанан конкурс

2015-чу шарахь СаӀудийн Ӏаьрбийчура Джиддат шахьарахь дӀайаьхьира Сийлахь Къуръан дешеран дуьненайукъара бархӀалгӀа конкурс. Иза дӀайахьарна тӀехь верасалла деш вара СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль-СаӀуд.

«Хьафизийн тоьлла школа» номинацехь, жюрин берриге а декъашхойн цхьабарт хуьлуш, хьалхара меттиг йелира Нохчийчуьрчу хьафизийн школашна. СовгӀаташ дӀадаларна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш вара Джиддатан губернатор Амир Миш аль бин Маджид бин Ӏабдул-Ӏазиз а, ткъа иштта шуьйра бевзаш болу Ӏеламнах а. И деза совгӀат схьаийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчас, «Некъ» телерадиокомпанин директора Адама Шахидова.

Хьафизаш кечбаран дуьненайукъарчу организацин генеральни секретара шайх ӀабдуллахӀ бин Басфара шен къамелехь лаккхара мах хадийра Нохчийчохь Къуръанан Ӏилма Ӏалашдарехь, кхиорехь, даржорехь беш болчу белхан. Цо къаьсттина билгалдаьккхира бусалба дин къоначарна Ӏамадайтарехь, хьафизаш кхиорехь Кадыров Рамзана лелош долу доккха маьӀна. Нохчийн хьафизийн школаш дуьненахь уггаре а тоьлла а, хаза а йу бохура цо.

Хьафизаш кечбаран дуьненайукъарчу организацин генеральни секретара конкурсехь дакъалоцуш хиллачеран а, хьешийн а тидам тӀебахийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун ворхӀ бер — Ӏайшат, Хадижат, ХутӀмат, Табарик, Ахьмад, Ӏела, Адам — хьафизаш хиларна. И хаам цара кхаъ хиларца тӀе а ийцира. Царна бевзина бацара кхул хьалха шен чохь ворхӀ хьафиз волу доьзал[32].

Тайпа

Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
16. Турки бин ӀабдуллахӀ бин Мухьаммад
 
 
 
 
 
 
 
8. Файсал бин Турки бин ӀабдуллахӀ Аль СаӀуд
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
17. ХӀайа бинт Хьамад бин Ӏали Аль ФакъихӀ Ӏанкъари Тамими
 
 
 
 
 
 
 
4. Ӏабдуррахьман бин Файсал
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
18. Мишари бин Ӏабдуррахьман
 
 
 
 
 
 
 
9. Сарат бинт Мишари бин Ӏабдуррахьман бин Хьассан Аль СаӀуд
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
2. Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
20. Мухьаммад бин Турки бин Сулайман Аль Судайри
 
 
 
 
 
 
 
10. Ахьмад Аль Кабир бин Мухьаммад бин Турки Аль Судайри
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
5. Сарат бинт Ахьмад бин Кабир бин Мухьаммад Аль Судайри
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
1. Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
24. Ахьмад Аль Кабир бин Мухьаммад бин Турки Аль Судайри
 
 
 
 
 
 
 
12. Мухьаммад бин Ахьмад Аль Кабир Аль Судайри
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
6. Ахьмад бин Мухьаммад Аль Судайри
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
3. Хьассат бинт Ахьмад Аль Судайри
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
28. Мухьаммад Аль Сувайди
 
 
 
 
 
 
 
14. Ӏали бин Мухьаммад Аль Сувайди
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
7. Шарифат бинт Ӏали бин Мухьаммад Аль Сувайди
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 

Цуьнан доьзал

Зударий Церан бераш
СултӀанат бинт Турки ас-Судайри ФахӀд, СултӀан, Ахьмад, Ӏабдул-Ӏазиз, Файсал, Хьассат
ФахӀдат бинт Фалахь Аль Хьислаян аль-Ӏаджами Мухьаммад,[33] Турки[34][35], Халид[36], Бандар[37], Найиф, Ракан
Сарат бинт Файсал ас-СабиӀи СаӀуд[35] (Шайх Мухьаммад бин Халидан йоӀ маре йигина цо[38])
Мудави бинт Маджид ад-Давиш цуьнан бераш дац
СултӀанат бинт Мандиль аль-Халиди цуьнан бераш дац
Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд Викилармехь

СовгӀаташ

СаӀудийн Ӏарбийчоьнан совгӀаташ:

Мохк Де СовгӀат
 СаӀудийн Ӏаьрбийчоь 23 январь 2015 Йоккхачу Бадран орденан суверен  СаӀудийн Ӏаьрбийчоь 23 январь 2015 Ӏабдул-Ӏазизан орденан суверен
 СаӀудийн Ӏаьрбийчоь 23 январь 2015 Файсал паччахьан орденан суверен
Кхечу пачхьалкхашкара совгӀаташ:
Мохк Де СовгӀат
 Нигер Нигерин Националан орденан Доккхачу жӀарин кавалер
 Испани 15 февраль 1974— Граждански гӀуллакхийн Национальни орденан Доккхачу жӀарин кавалер[39]
 Джибути октябрь 2015— Джибутин Боккхачу Седин орденан кавалер[40]

Суьрташ

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахьаш
المَلُوكُ الْمَمْلَكَةِ الْعَرَبِيَّةِ السُّعُودِيَّةِ
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан байракх
Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд (1932–1953)СаӀуд (1953–1964)Файсал (1964–1975)Халид (1975–1982)ФахӀд (1982–2005)ӀабдуллахӀ (2005–2015)Салман (2015 дуьйна)
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан герб
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан герб
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан оборонан министраш
وزراء دفاع سعوديون
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан байракх

Мансур бин Ӏабдул-Ӏазиз  · МашаӀил бин Ӏабдул-Ӏазиз  · ФахӀд бин СаӀуд  · Мухьаммад бин СаӀуд  · СултӀан бин Ӏабдул-Ӏазиз  · Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз  · Мухьаммад бин Салман

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан герб
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан герб

Билгалдахарш

  1. Salman ibn 'Abd al-'Aziz Al Sa'ud // Encyclopædia Britannica (инг.)
  2. Lundy D. R. Salman bin Abdul-Aziz al-Saud, King of Saudi Arabia // The Peerage (инг.)
  3. 1 2 3 4 5 6 Lundy D. R. The Peerage (инг.)
  4. السيرة الذاتية الأمير سلمان بن عبد العزيز وزير الدفاع، موقع إمارة منطقة الرياض، دخل في 1 يونيو 2010
  5. Wihbey, Paul Michael (1997). "Succession in Saudi Arabia: The not so silent struggle". IASPS Research Papers in Strategy (4). Дата обращения: 2012 ш. 14 майхь. Архивйина 2012-05-23 — Wayback Machine
  6. Viorst, Milton (January–February 1996). "The storm and the citadel". Foreign Affairs. 75 (1): 93—107. doi:10.2307/20047470. Дата обращения: 2012 ш. 01 июнехь.
  7. al Baker, Basheer (3 November 2011). "Prince Salman Seeks Balance in Saudi Transitional Period". Al Akhbar. Дата обращения: 2012 ш. 23 апрелехь.
  8. Winberg Chai. Saudi Arabia: A Modern Reader. — University Press, 22 September 2005. — P. 193. — ISBN 978-0-88093-859-4.
  9. "An Heir to the Kingdom: New Crown Prince Salman" (PDF). The Diplomat. 35: 8—11. July–August 2012. Дата обращения: 2013 ш. 09 февралехь. Архивйина 2013-10-24 — Wayback Machine
  10. 1 2 3 His royal highness Prince Salman bin Abdulaziz (бил-боцу.). Ministry of Interior. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 12 май. Архивйина 2013-09-30 — Wayback Machine
  11. 1 2 3 4 Ministers with portfolio (бил-боцу.). Saudi Embassy, Washington DC. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 19 июнь. Архивйина 2012-06-07 — Wayback Machine
  12. 1 2 "Profile: New Saudi Defense Minister Prince Salman Bin Abdulaziz". Asharq Alawsat. 6 November 2011. Дата обращения: 2012 ш. 12 майхь. Архивйина 2011-11-12 — Wayback Machine
  13. "Saudi Arabia names Prince Salman as new defence minister". BBC News. 5 November 2011. Дата обращения: 2012 ш. 26 майхь.
  14. "The Allegiance Council". APS Diplomat News Service. 27 October 2011. Дата обращения: 2013 ш. 16 мартехь.
  15. "Saudi Prince dead, Salman likely successor". Trade Arabia. 16 June 2012. Дата обращения: 2012 ш. 17 июнехь. Архивйина 2012-06-19 — Wayback Machine
  16. "Al Saud move with speed to reconfigure top team after Nayef's death" (PDF). Gulf States Newsletter. 36 (926). 21 June 2012. Дата обращения: 2013 ш. 23 февралехь. Архивйина 2017-10-18 — Wayback Machine
  17. Салман бин Абдульазиз подарил чиновникам, пенсионерам и учащимся денежные средства в размере двухмесячных выплат (бил-боцу.). Анадолу (2015 шеран 30 январь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 февраль.
  18. "Prince Salman Named Saudi 'Crown Prince'". Arab Times. Riyadh. 18 June 2012. Дата обращения: 2013 ш. 26 февралехь.
  19. "Princess Sultana". Eugene Register Guard. 19 June 1983. Дата обращения: 2013 ш. 09 февралехь.
  20. 1 2 "Sultana, wife of Riyadh Emir, passes away". Saudi Gazette. 3 August 2011. Дата обращения: 2012 ш. 26 майхь.
  21. Sultana bint Ahmad bin Muhammad al Sudairi (бил-боцу.). Datarabia. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 8 май.
  22. Family Tree of Salman bin Abdulaziz bin Abdul Rahman Al Saud (бил-боцу.). Datarabia. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 1 май.
  23. "Death of a Generous man". The Telegraph. 25 July 2001. Дата обращения: 2013 ш. 03 мартехь.
  24. Bradley, John R. (23 July 2002). "Prince Ahmed's cousin killed on way to funeral". USA Today. Дата обращения: 2012 ш. 26 майхь.
  25. "First Arab astronaut makes a royal tour of space". The Windsor Star. New York. 20 June 1985. pp. B12. Дата обращения: 2013 ш. 03 мартехь.
  26. Saudi oil assistance to Pakistan proceeding slowly (бил-боцу.). Wikileaks (2008 шеран 30 июль). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 26 май.
  27. "Prince Turki succeeds Prince Faisal as SRMG chairman". Arab News. 9 February 2013. Дата обращения: 2013 ш. 09 февралехь.
  28. [http://www.gulfinthemedia.com/index.php?m=gcc_press&id=2271052&cnt=171&lang=en PHPSESSID=6ae1931c79dcdc291ac1f3b9d2d1e5fb "King Salman bin Abdulaziz undergone successful surgery, Royal Court statement says"]. Gulf in the Media. 17 August 2010. Дата обращения: 2012 ш. 26 майхь. {{cite news}}: line feed character в |url= на позиции 79 (справка); Проверьте значение |url= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (невидимые символы)К:Википедия:Ошибки CS1 (URL) Архивйина 2016-09-14 — Wayback Machine
  29. Henderson, Simon The Man Who Would Be King (бил-боцу.). Foreign Policy (2012 шеран 10 апрель). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 12 апрель. Архивйина 2014-10-09 — Wayback Machine
  30. Henderson, Simon (10 January 2013). "To Stop Iran, Get a New Saudi King". The Atlantic. Дата обращения: 2013 ш. 19 апрелехь.
  31. Next after next… The Economist (Cairo). 5 April 2014. Retrieved 4 August 2014.
  32. Дуьненахь а тоьлла йу вайн хьафизийн школаш.
  33. أمر ملكي: الأمير محمد بن سلمان رئيساً لديوان ولي العهد ومستشاراً خاصاً لسموه بمرتبة وزير، جريدة الرياض، دخل في 3 مارس 2013
  34. صحيفة الشرق الأوسط -«الشرق الأوسط» تطلق منصتها الرقمية وموقعها الإلكتروني الجديد
  35. 1 2 حفل زواج صاحب السمو الملكي الأمير فيصل بن عبد الرحمن بن عبد العزيز - جريدة الرياض
  36. سمو ولي العهد يحتفل بزواج نجله الأمير خالد من كريمة الأمير محمد بن مشعل - جريدة الرياض
  37. http://www.al-jazirah.com/2010/20100202/jo1.htm
  38. الاقتصادية : ولي العهد يحتفل بزواج نجله الأمير سعود
  39. Декрет о награждении
  40. King Salman holds talks with Djibouti leader

Хьажоргаш

  • Shifting Sands and the Gulf" on Sulayman's transition as King Архивйина 2015-01-27 — Wayback Machine
  • King Salman Royal Profile" by Royal Families of the World Архивйина 2015-05-20 — Wayback Machine

П:  Адамаш П:  СаӀудийн Ӏаьрбийчоь П:  Монархи